Арсанукаев А.М. Нохчийн литературин Iилманан терминийн лугIат

Арсанукаев А.М. Нохчийн литературин Iилманан терминийн лугIат

ХЬАЛХАРА ДОШ

Нохчийн исбаьхьаллин литература кхуьуш йолу шолгIа бIешо ду. Литературоведенехь а, литературин критикехь а нохчийн маттахь белхаш язбен а дукха хан ю. Амма нохчийн литературин Iилманан терми- нологи хIинццалц теллина яц. ХIара дуьххьар болх бу шуьйрачу барамехь литературин Iилманан тер- минаш нохчийн маттахь билгалъяьхна, церан маьIна дина, уьш тидана. ХIокху лугIат тIехь автор болх беш волу дикка хан ю. ЛугIатан цхьадолу дакъош арадий- лина периодически зорбанехь.

«Орга» журнало 2006 шарахь зорбатоьхна лугIатан яцйина вариант. Царах лаьцна Iилманчаша аьлларг тидаме а оьцуш кечйина, арахоьцуш ю нохчийн литературин Iилманан терми- наш. Ерриге терминаш дIанисйина абатан рожехь. ХIор литературин Iилманан терминна лерина ша статья ю. Цу тIехь терминан маьIна дина, цунах лаьцна даьржина дийцина, масалш далийна.

ХIор термин цхьаллин, дукхаллин терахьаш- кахь ялийна, шен грамматически классан билгало- нашца. Терминан дукхаллин терахьин кеп а юьззина ялийна, цуьнан чаккхе ялийна ца Iаш (лугIаташкахь 4 дукха хьолахь ма-хиллара). Иза нохчийн литературин Iилманан терминаш зорбанехь дуьххьара арайовлуш хилар тидаме а эцна, царах пайдаэцар аттачу даккхар- хьама дина. Оцу Iалашонца гайтина хIор терминан цхьаллин терахьехь цIерниг дожарал совнаха масех кхечу дожарийн кепаш а (доланиг, лург, дийриг, мет- тигниг).

ЛугIатан статьян юккъехь, терминан хьалха- ра элп диллина ца дуьтуш, дош дерриге далийна. Нохчийн литературин Iилманан термин схьая- ларан бух (муьлхачу маттара схьаяьлла) билгалбаьк- кхина, иза схьаяьллачу маттахь цуьнан долу маьIна далийна. Масала, иштта ялайо лугIат тIехь термин: АВТОНИ́М ю – автонимаш ю; автониман, автонимана, автонимо, автониме (гр. autos – ша, шен, onoma – цIе) – псевдоним лелош волчу яздархочун шен бакъйолу цIе… ЛУ́ ГIАТ ду – лугIаташ ду, лугIатан, лугIатна, лугIато, лугIате (Iаьрб. лугIатун – мотт) – билггалчу Iа- лашонца гулдина, дукха хьолахь абатан рожехь дIанис- дина дешнаш… ХIор литературин Iилманан терминан даьржина маьIна дина, цуьнан ерриге агIонаш билгалъяхархьа- ма. Исбаьхьаллин литературин произведени кIоргге- ра йовзарехь, цунах марзо эца Iамарехь билггалйолчу терминан мехалалла гайтина.

Нохчийн литературин Iилманан терминаш тIеюьзна поэзин а, прозин а произведенешкарчу масалшца. И масалш далийна нохчийн литературин классикийн прозведенеш тIера а, цIеяххана болчу хIинцалерчу яздархойн произве- денеш тIера а, ткъа иштта хIинцца литератури юкъа- 5 баьхкинчу къоначу яздархойн произведенеш тIера а. Оцу масалша гIо дийр ду билггалчу терминан чула- цамах кIорггера кхета а, исбаьхьаллин произведени къастош, цунах пайдаэца а. Нохчийн литературин Iилманан терминийн лугIат дуьххьара хIоттош хиларе терра, кху тIехь цхьацца сакхташ хир ду, эшамаш а хир бу, царах лаьц- на аьлларг, яздинарг баркаллица тIеоьцур ду автора. Нохчийн литературин Iилманан терминийн лугIат пайдехь хир ду къоман литература толлуш бол- чарна, вузийн, школийн хьехархошна, яздархошна, журналисташна, студенташна, дешархошна, къоман исбаьхьаллин литературин башхаллаш йовза, произ- веденех марзо эца лууш болчарна массарна а.

Share

Leave a Reply