Докка Амагов: Ичкерия бохучу ц1арах лаьцна

Кест-кеста, нохчийн сайташкахь, цхьацца хабараш хеза, вайн паччахьалкхан «Ичкерия» бохучу ц1арах лаьцна. Цхьаболчу «1илманчаша» оцу ц1ердашах этимологеш йо – «Исс латта», «И ча кхера е», «Эчиг каранаш» ишта д1а кхин а.
Ткъа боккъалла а аьлча, вай оцу дашах мел «муьрг» еттахь а, цхьа а шеца нохчийн кхетам болу дош дац иза.Амма г1уьмкийн, г1ажарийн, г1езалойн, г1азг1умкийн кхин д1адолчу а туьркийн меттанашкахь шен чулацам даьхнашца боьзна болуш карабо цуьнан.

Масала: «даьхнийн чоь-коь», «не1аран мачаш», «даьхнийн дежийлаш» иштта д1а кхин а.Цу дашца доьзна кхин долу дешнаш а ду, нохчаша туьркашкара схьаэцна леладеш, масала: «ичча (талла) вахана», «ичиг мачаш» цу тайпа кхин д1а а.
Ас иза х1унда дуьйцу аьлча, иттех шо хьалха, нохчийн Парламенто вайн паччахьалкхан ц1еран маь1на х1у ду хьажа кхоьллиначу талламан тобанан куьйгалхо а волуш, ас болх барна ду.Тхан тобанан 1алашо х1етахь яра, нагахь и ц1е вайн паччахьалкхана хила хьакъ дацахь, иза хуьйцуьтуш долу хаттар Парламенте х1оттадан.
Оха х1етахь биначу балхах лаьцна кхузахь дерриг а, дийцалур цахиларна, ма-хуьллу дацдо ас иза.Б1аьста (дара моьтту суна иза), 1998-чу шарахь Парламентехь нисвеллачу нохчийн къоман президент хиллачу Яндарбиев Зелемхе дийцира оха «Ичкерия» бохучу ц1арах тхайна зеделларг. Ткъа Зелемхас, оха шега дуьйцучох цецваьлла аьлларг ишта дара:— Боккъалий? Вайн Делора суна хууш х1ума ма дацара иза.
И къамаьл шеца хиллачул т1аьхьа Яндарбиев З. ч1ог1а реза хилира, вайн паччахьалкхана ц1е хийца езаш хиларна. Билгалладаккха деза, х1етахь «Ичкерия» ц1е Парламенте хийцита оха бина болу талламан болх, Зелемха президент хиллачу, 1996-чу шарахь «нохчийн мехкан ц1арах лаьцна» аьлла, цо биначу сацамна т1ехь, шен бух болуш бара. Ткъа Яндарбиевн З. цу х1окъехь хилла сацам вай боцца бийцича ишта бара:— …» Оьрсийн маттахь долу, «Чеченская республика-Ичкерия», нохчийн маттахь; — «Нохчийн республика-Нохчийчоь» ала дог1у.
Оьрсийн маттара, «Чеченская республика» цхьанадог1у — «Нохчийн республика» бохучуьнца. Оьрсийн маттара «Ичкерия», нохчийн маттахь — «Нохчийчоь» ала дог1у.Цу шинна а маттахь йолу вайн мехкан ц1ераш, шайн юридически, политически, идеологически аг1ора цхьатерра ницкъ болуш ю», бохачу кепара.
Яндарбиев Зелемхан оцу сацамах пайда а оьцуш, вайн паччахьалкхан т1ера ц1е хийца аьлла долу хаттар, оха Парламентехь дийцаре даьккхийра гурахь, 1998-чу шарахь. И ц1е хуьйцуш оьшуш долу депутатан «аьзнаш» а, оха хьалхе цаьрца барт а бина тхан долуш дара, цара куьйгаш хьалаайдар бен кхин дисна х1ума а доцуш.Амма и кхаж тоссучу оцу дийнахь, парламенте веъначу Ш. Басаевс дехар дира депутаташка:— …сан доккха дехар дара-кх шуьга, цхьана шарахь мукъане а, и » Ичкерия» бохуш йолу ц1е йитахьара аша, аьлла.Цуьнан и дехар къобалдеш уггаре а хьалха депутаташка вистхилира, х1етахь, нохчийн Парламентан шоллаг1а вице-председатель хилла волу Тимиров 1ийса.
Цо диначу къамаьлана т1ехула, цу хаттарна т1ехь депутаташ бекъабелира. Депутат а, цхьана парламентан комитетан председатель хиллачу Минтаевс Н.:— …ахь х1ун дей Шамиль, кху чу а оьхуш нахана т1ехь «давленеш» ма елахь а олуш.Ткъа вукхо дуьхьала:— …шу сох нийса цакхетта а, бохуш (Дала г1азот къобал дойла цу шинна а.)Эццахь депутаташна юккъехь и къовсам баларна бахьана долуш, цу дийнахь юккъах диссира вайн мехкан ц1е хийцар.Делахь а, «Ичкерия» ц1е, дукха хан ялале кхечу аг1ора хийцаелира.
Нохчийн Парламенто т1еэцна, «Нохчийн маттахь долу закон» бахьна долуш. Цу законан цхьадолучу ва1даша билгаладоккхуш дара, Нохчийчуьрачу массо а меттиган оьрсийн маттахь йолу ц1ераш, нохчийн маттахь яха а, ала а езаш хилар.
И керла закон уггаре а хьалха хьакхалуш дара, вайн мехкан ц1арах лаьцна Яндарбиевс З. шен хенахь бина хиллачу сацамах а. Цунна юккъера, оьрсийн маттахь ала аьлла йолу, «ЧРИ», «Чеченская республика», «Ичкерия» ц1ераш д1а а йохуш, ткъа «Нохчийн республика», «Нохчийн республика-Нохчийчоь», «Нохчийчоь» аьлла ерш т1аьхьа а юьтуш.
И хийцамаш шайна т1ехь хиллачул т1аьхьа дуьйна, вайн паччахьалкхан ц1ераш ишта яха езаш а яра вай. Кхечу къаьмнаша шайн мехкан ц1ераш, шайн маттахь йохуш ма-хиллара. Масала: «Германия – Дойчланд», «Япония – Иппон», «Китай – Чина», «Якутия – Саха», «Осетия – Алания» и.д1.кх.а.Ишта, «Нохчийчоь» аьлла йолу ц1е а ю, ша вайн маттахь а йолуш, вайн халкъо б1ешерашкахь дуьйна вайн махкахь йоккхуш лелаш.
Цул а совнаха, цуьнан схьаялар Нохь-пайхамарца (а.с.) доьзна ду бохуш, вайн халкъана ч1ог1а еза хеташ ц1е а ю иза.Дашна аьлча, дуьненчохь кхин цхьаъ, жуьгтийн къам бен дац, шайн махках – «Израиль» аьлла, иза пайхамаран ц1арца билгалабаьккхина. И «Израиль» ц1е шайн махкана тилларца цара гайтина, шайн исторйин болам а, шайн схьадовлар а цу пайхамарах дуьйла.
Вай цхьанна 1оттар еш дац, я иза иштачохь ян цхьа а бакъо йолуш а дац, делахь а, мел хьалха ваьхна Нохь-пайхамар (а.с.), Израиль-пайхамарал а (а.с.) вай хьоьвсича, эзара шераш хьалха дуьйна гучайолу, нохчийн къоман историн «йохь».Вай х1ара къамаьл дечохь цхьацца цакхетамаш а хила тарло, ткъа х1унда тиллина хилла вайн махкана и «Ичкерия» бохуш йолу ц1е аьлла? Тохара вай йициначу парламентан тобанна цу хьокъехь гучадаьлларг доцца дийцича ишта дара.
1992-чу шарахь г1азакхаша Россина керла конституци кечъечохь, цара цунна т1ехь – «Чеченская республика» аьлла, Нохчийчоь а язъйина хиллера. Цундела и конституци цара т1еэцале, Дж.Дудаевс цхьанна ханна аьлла сихонца тиллина хиллера вай паччахьалкхана и ц1е.
Вуьшта Дж.Дудаевна шена дагаеъна а цахиллера и. Тхуна х1етахь хезначу тоьшаллаша дийцарехь, Дж.Дудаевс вайн махкана тилла тайп-тайпаначу ц1ерийн харжамаш бечохь, цхьана адаман хьехамца тиллина яра цо иза.Х1инца х1ара къамаьл чекхдолуш вайн махкахошка ала луур дара,вайн паччахьалкхан сацамашца ша яккха ма-еззара якххахьара аша, вайн мехкан ц1ераш аьлла.
Ткъа уьш ишта ю: «Нохчийчоь», » Нохчийн республика,» «Нохчийн республика-Нохчийчоь», бохучу кепара. Къаьсттина, иза уггаре а хьалха дан дог1у Нохчийн паччахьалкхан 1эдалан векалша. Хьанна хаьа, т1аккха, цу ц1ерашца, Делан лаамца, юха дан а тарлуш дара-кх, вайн махкара д1адахна има-беркат, машар-ирс, барт-лерам.

 
Нохчийчоьнан Парламентан депутат: Докка Амагов

Share

Leave a Reply