Гуьржийчу – хаарш тIедуза

Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан «Нохчийн мотт а, литература а» отделенин студенташ цхьана кIиранах фольклорин практикехь луларчу Гуьржийн Республикин Ахметовски кIоштарчу Панкиссин чIожехь хилира.

Хууш ма-хиллара, оцу Iалам исбаьхьа долчу, гIиллакхаш хаза долчу  Гуьржийчохь нохчийн къомах болу нах беха дукха хан ю.

Нохчийн студенташа шаьш цигахь даьккхинчу кIиранах боккха болх бира шайн тобанан куьйгалхочуьнца филологин Iилманийн докторца, нохчийн филологин кафедрин профессорца Джамбеков ШаIраница цхьаьна. Иштта,  оцу тобанца цигахь хилира Нахски талламийн Туьшан куьйгалхо И.Хабаев а, нохчийн филологин кафедрин коьрта хьехархо М.Гарасаева а. Практиканташа нохчийн культурин, историн декъехула материалаш лохуш, вовшахтухуш дуккха а болх бира.

«Гуьржийн» нохчаша дукха самукъадаларца хьошалла дира Нохчийчуьра баьхкинчу Iилманчашна а, студенташна а. Цара дийцира нохчийн ширачу  гIиллакхех, ламастех лаьцна. Халкъан бартакхолларалла дика евзаш карийра студенташна Гуьржийчуьра баккхий нах. Гуьржийн мохк, халкъ, церан къоман культура (мотт, музыка, кхача, истори) – дерриге а дуьненахь а девзаш ду. Хьалх-хьалха цигахь Iен-баха дIабаханчу нохчашна дика хаьа вайн цIера дIадаьхьна хабарш.

Цундела боккха кхаъ бу нохчийн студенташ цига кхачар. И аьтто баьлла Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университето а, Гуьржийн Iилманийн академис а, Тбилисин пачхьалкхан университето а кегийрхойн Iилманан хаарш алсамдахархьама юкъаметтигаш чIагIъеш бина барт бахьанехь.

Нохчийн студенташа а, церан Iилманан белхан куьйгалхоша а доккха баркалла элира даггара сий-ларам беш, шайна хьошалла дарна а, оьшучу гIуллакхна тIехь само еш цигара нохчий а, гуьржий а гуонаха хьовзарна а.

Кхул тIаьхьа, беркатечу ламасте дерзийна и тайпа практика хIора шарахь дIахьур ю нохчийн студенташа вежараллин махкахь.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Суьрта тIехь: Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан студенташ а, Iилманчаш а –Гуьржийчохь

Share
  •  
  •  
  •  
  •  
  •  
  •  
  •  
  •  
  •  
  •  
  •  
  •  
  •  
Posted in News - Kerlanaş, ენა, კულტურა, მედია პანკისის ხეობის შესახებ, პანკისის ხეობა.

Pankisi.Ge - All About Pankisi

Pankisi.Ge - ყველაფერი პანკისის შესახებ

Pankisi.Ge - Всё Про Панкиси